Титиев Оюб кхин дIа а лаьцна латторан хьокъехь сацам беш ю Соьлж-ГIалара суд
Цу кхелан кхеташонехь дакъалоцуш ву леррина Титиевна гIортор ян Соьлж-ГIала веана Оьрсийчоьнан президентан харжамашкахь дакъалоцуш волу Явлинский Григорий.
Суьдехь ша дошлардаран тоьшалла а хилла бакъонашларъярхо Титиев талламан изоляторера араваккхар доьхуш кечдина кехат дIадала дагахь ву иза.
Вевзаш волу политик дагахь ву ша дошлардаран тоьшалла а хилла бакъонашларъярхо Титиев талламан изоляторера араваккхар доьхуш кечдина кехат дIадала суьдхочуьнга.
60 шо долу Титиев бехке вина наркотикаш лелийна аьлла. Ша Титиевс чIагIо йо, шегахь наркотикаш цахиларх а, полисхоша уьш шен машенчу кхийсина хиларх а.