Асад юхавала дагахь вац Малхбалерчу Гутехь
Асадан эскарш тIемаш беш ду Малхбалерчу Гутехь, Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан Кхерамазаллин Кхеташоно тIеэцначу резолюцино тIедожийна ма хиллара, герз деттар 30 денна сацаде бохуш Малхбузено кхайкхамаш беш боллушехь.
«Оха сацор бац терроризмаца дIахьош болу кIийсам… ткъа Гутера операци терроризмаца къийсам дIабахьар ду», - аьлла Асада, пачхьалкхан телевизионехула ша динчу къамелехь, хаам бо Reuters агенталло.