Туркойчохь дIакъевлина Iамеркан Хонкарара векалалла
Цул сов, Iамеркан векалаллан белхахоша кхайкхам бина Туркойчохь болчу шайн махкахошка, дуккха а адамаш гуллучу меттигашка ца доьлхуш совца аьлла.
Хонкарара векаллалла юха болх бан маца йолалур ю хууш дац.
Кхушеран Дечкен-беттан 18-чу дийнахь Iамеркан Кабулерчу векалалло дIахьедар динера тIемалоша тIелтар дан мегаш ду ОвхIанерчу хьешан хIусамашна аьлла. Кхин а ши де даьлча тIемалой тIелетира Кабулерчу "Интерконтинентал" отелана. И бахьана долуш вийра 22 стаг, шайна юкъахь 14 кхечу пачхьалкхашкар вахархо а волуш. Царах виъ вара Iамеркахо.