Хаджиев Саламбек кхелхина
Советан заманахь дуьххьара министран даржехь хиллачех ву Хаджиев. 1991-чу шарахь химин, мехкадаьттан индустрин урхаллехь вара иза.
750 сов Iилман белхийн автор ву иза, иштта цо язйина 4 монографи а. Оьрсийчоьнан а, кхечу пачхьалкхийн а 220 патентийн авторан тоьшаллаш ду цуьнан. Хаджиев Саламбек вина Шелахь 1941-чу шарахь.
Маршо Радионо кадам бо Хаджиевн гергарчаьрга, Дала гечдойла цунна, Дала декъал войла иза!