Пхи седа болу хьешан цIа схьадоьллур ду кеста Соьлжа-ГIалахь
Пхи седа болу хьешан цIа хьаладеш ду Цхьанатоьхначу Iарбойн Эмираташкарчу инвесторша.
Отела чохь хир ю ресторан а, 500 машен дIахIотто паркинг а, бассейн а, фитнес-центр а, теннисан корт а, масех конференц-чоь а, йоккха туька а.
"Ахмат-Арена" стадионна уллохь еш ю отел.
Дагадоуьйту, дуьненаюкъара футболан чемпионат дIахьош ю кху аьхка, Мангал-беттан 14-чу дийнахь йолийна, Товбеца-беттан I5-чу кхаччалц.