Оьрсийчоьнна тоьхна санкцеш кхи а шарна дIаяхйина Iамерко
КIайчу цIийнан пресс-гIуллакххоша билгалдоккху, Оьрсийчоьнан Iедалша дIахьочу политикано йохайо Украинехь демократин процессаш а, институташ а, кхерамаш туьйсу дуьненна а, кхерамзаллана а, суверенитетна а. Дуьйцург ду ГIирмина йина аннекси а, Оьрсийчоьно шайн ницкъаш Украине хьовсор а.
Дуьххьара 2014-чу шарахь президент хиллачу Обама Барака ехира Оьрсийчоьнна дуьхьал санкцеш.