Нохчийн кхиазхо вайна Францехь
ПIераскан сарахь Орлеанан а, Тулузан а, Парижан, Марселан а агIор йоьдучу цIерпошта чу хууш гина и кIант аьлла, яздина ду хаамехь.
И кIант гинарг я иза волу меттиг хууш верг шеца зIене валахьара аьлла шен телефон а йитина хаамехь цуьнан нанас. Иштта массаьрга Европехула и кIант гой хьовсуш, сема хиларе доьхуш, цуьнан сурт тIехь долу хаам а баржийна цо.