Iамеркехь Нохчийчуьра бахархой лецна контрабанда лелорца
"Бехкебечара эцна хилла кеп-кепара 100 герз. Лицензи а йоцуш Нохчийчу дехьадаккха Iалашо хилла цушиннан. Герз вовшах а даьккхина, цIен тIехь оьшу йийбар санна хьулдина, къайладаккха лаам хилла церан", - яздо хаамехь.
Сыдыковна а, Резвановна бехк биллина герзаца контрабанда лелорна а, контрабандех къайлаха барт барна а, курхалла лелорна а, ахчанаш дахарна а.
Даьллачу зуламца а догIуш, цу шинна набахтехь даккха 20 шераш хан йогIу, - аьлла, билгалдоккху финансийн министралло.