Некъан бохам иккхина Нажин-Юьртахь, байина нах а бу
"Ши машен ВАЗ-2117030 а, ВАЗ-2140 "Нива" а тIетта а кхетта хилла бу и некъан бохам Нажин-Юьртахь. Оццу кIоштара бу машенийн долахой, 27 шо долу жима стаггий, 84 шаре ваьлла къано а. Ший а велла йина чевнаш бахьанехь", - яздо хаамехь.
Хьенан бехках хилла бохам толлуш бу полисхой.
Оршотдийнахь ши машен вовшахкхетаран бахаьанашца виъ стаг а леш, некъан хьовзам баьллера Нохчийчохь.