WhatsApp тергоне эца дагахь ду Австрин Iедал
Оцу хьокъехь дIахьедарехь билгалдаьккхина ду, Iедало даккхийчех зуламаш дарна шеконе лаьцначу нехан телефонаш бен ладогIаме хIиттор яц, аьлла. Ишттачу зуламех лору, масала, пхи шо сов хан тоха йиш йолу зуламаш.
Нагахь санна и низам тIеэцахь, Iедалхойн бакъо хир ю шайна шеконе хеттачу нехан телефон тIе дистанционан программа хIоттон. ТIаккха цу телефонехула деш долу къамелаш хаза а, цу чухала язбон хаамаш беша а таро хир ю церан. Нагахь санна Iедалан шеконаш цу ладогIамаша тIечIагIбахь, телефонан дена дуьхьал бехктакхаман гIуллакх схьадоьллур ду.
Ткъа шеконаш бух боцуш хилар гучудалахь, телефонан долахочуьнга официале дIахоуьйтур ду Iедало, цунна тIехь ша тидам беш хиллийла а, цуьнан къамелаш ладегIаме бехкина хиллийла а цуьнга хоуьйтуш.