Шемара цIа балийначу зударийн, берийн юкъара база кхуллур ю Нохчийчохь
Цо чIагIдарехь, церан бакъонаш ларъярхьама вовшахтухуш ю и база. Ишта аьттонаш хир бу боху цо, кхеу пчхьалкхашкахь дуьненчу девллачу берийн кехаташ юха меттахIитто а.
Шемахь тIемаш бирзинчул тIаьхьа Кадыров Рамзана лаамехь я лаамза цига бахначийн доьзалаш цIа берзор бу ша аьллера. Доккхачу декъанна, зударий бу цо буьйцурш, шайн цIийндайшна тIаьхьа бахана болу.