Кремлан сайтехь Путинна еш агитаци ю
Боьду бутт карабеачхьана, харжамийн комиссин куьйгалхочо Памфилова Эллас бехк баьккхинера Песков Дмитрийгара, цо Путинна агитаци ярна.
"Политикан олимпехь абсолюте лидер ву Путин, цуьнца къовсавала гунахь волуш цхьа а вац" аьллера Песковс. Шегара бехк баьккхича, тIаккахула ларлур ву ша аьлла, шена бехк ца биллар дехнера Путинан пресс-секретара.