Нурадилов Ханпашина хIоллам хIоттор бу Соьлж-ГIалахь
Хучиевс бахарехь, керла плитка а юьллуш, шиъ фонтан а югIуш, гонахарчу территори тIехь синтарш а дугIуш, кечйийр ю майда.
Нурадилов Ханпаша нохчийн къоман дозалла ду. Даймехкан тIамехь цо хIаллаквина 920 фашист, 12 салтий йийсаре эцна. СССР-н Лакхарчу Совето Турпалхочун цIе елира цунна, иза веллачул тIаьхьа.
Соьлж-ГIаларчу Кадыровн цIарахчу музейхь ларъеш, латтош ю Нурадиловна елла хилла пачхьалкхан мидалш.