Хойхь юхаметтахIоттор ю масех шира гIишло
Хойхь архелологашна карийна ширачу заманахь (2,5 эзар шо хьалха) таллархой Iийна метигаш. 19-чу бIешарахь (1867) цу эвлахь тIулгех йинчу 200 сов хIусамехь вехаш хилла 2000 гергга стаг.
Карарчу хенахь цу гIишлойх херцарш бен кхин дисина хIума дац. ЮхаметтахIиттийначу културан объекташа шайна тIе тидам бохуьйтур бу туристийн, аьлла сатесса ду Нохчийчуьра Iедал.