Украинера хIакер лаьцна Полшехь
Украинин вахархо лаьцна Полшин коьртачу бюроно, Iамеркан Федералан талламан бюроно гIо а деш. Иза лоьхуш хилла Интерполо. Цу стагана бехке дуьллуш ду нехан кредитан картанашна тIера ахча лечкъор.
Украинхо декъашхо хилла иттаннаш миллионаш ахча лечкъийначу хIакерийн тобанан. Гергарчу хенахь иза дIалур ву Цхьаьнаьнатоьхначу Штаташна.