Amnesty International: Адамийн бакъонаш талхош ю Къилбаседа Кавказехь
Бакъонашларъярхоша билгалдаккхарехь, федералан талламан органаша дукха меллаша тIеэцара цу хьокъехь болу хаамаш, ткъа бехктакхаман гIуллакхаш долош меттиг нисбелча а, цара сихонца дерзадора уьш, латкъамаш бух боцуш карийна шайна олий.
Иштта цхьа а таIзар а ца деш дисина Нохчийчохь бакъонашларъярхошна дина тIелетарш а, журналисташна кхерамаш тийсар а.