Нохчийчоь декхарелахь ю Газпромана 14,4 миллиард сом
"Газпромана" хьалха долчу Нохчийчуьрчу бахархойн декхаран терахь ду 14,4 миллиард сом. Цунах лаьцна дуьйцуш ду республикан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, "Газпроман" директорийн кхеташонан куьйгалхо Зубков Виктор а цхьаьнакхеттачул тIаьхьа цу компанино бинчу хаамехь, яздо Кавказ.Реалиино.
Кхеташонехь сацам бина шина агIоно декхар дIадоккхуш бийр болчу балхах лаьцна.