Росгвардино ха дийр ду лаккхарчу даржашкарчу Iедалхошна
И низаман проект 2017-чу шарахь Думе кховдийнарг вара президент Путин Владимир. Цо куьг таIийначул тIаьхьа ах шо даьлча болх бан долалур ду керла низам.
Цу низамехь буьйцуш болу "кхин болу нах" муьлш бу хууш дац. Росгвардера ха лур долу даржой билгалбохур бу президенто.