Шемахь Малхбалерчу Гута бомбанаш етташ адамаш дайар емалдина дуьненаюкъаралло
Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан кхеташонехь вистхуьлуш Гутерриша билгалдаьккхира, кху тIаьхьарчу шина дийнахь Малхбалерчу Гутехь 100 сов маьрша стаг вийна хилар.
Цу хеннахь Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министро Лавров Сергейс бакъ лерина шаьш цу кIошта бомбанаш еттар.
Дуьненаюкъаралло а, Iамеркан Цхьаьтоьхначу Штаташа а, Европерчу пачхьалкхаша а, бакъонашларъяран тобанаша а емал дина Шеман а, Оьрсийчоьнан а тIеман кеманаша, бомбанаш а етташ, маьрша адамаш дайар.