Телефонан зIе лакъор ю Оьрсийчоьнан Шемарчу тIеман базанашкахь
Ша аьлча, ХIмеймим авиабазан территори тIехь сигнал лакъор ю кхушеран Зазадоккху-бутт чекхбаллалц. Ткъа оьрсийн эскарш дIатардинчу кхечу территорешкахь -- Мангал-беттан 1-ра де тIекхаччалц, аьлла ду цу документеха тIехь.
РБК-ан хьастано дийцарехь, сотан зIе лакъайе аьлла омра дар доьзна ду Оьрсийчоьнан Шемарчу базанашна дронаша тIелетарш дарца.