Мукъаденошкахь 1,2 эзар турист кхочу "Ведучи"
Цо дийцарехь, къаьсттина кхечу пачхьалкхийн бахархошлахь йовза яьлла "Ведучи", кху шеран прогнозца 10 процент туристаш дозанал а арахьара хилла.
Официалехь байначу беттан 26-чу дийнахь схьайиллина когсалазаш хоьхку курорт "Ведучи".
Итум-Кхаьллан кIоштахь йолу когсалазийн "Ведучи" курорт схьаелларан церемонина кечлуш, ло доцуш, Веданан кIоштара ло кхоьхьуш ду Нохчийчоьнан Iедалш аьлла, яздира Маршо Радионо. Болчу хаамца, ло тIехь долуш 800 сов яккхийчу машенийн рейсаш яр дара Iедало тIедиллина.