Набахтехь даккха 14 шо хан тоьхна полисхочунна
Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан объекташ ларъечу батальонан полисхо ша волчу заманчохь, белхан хан чекхъяьллачул тIаьхьа шен гамо йолчу Тайбаев Супьянна герз диттина, иза вийна цо.
Мурадовс герз деттачу хенахь чохь нисвеллачу цуьнан жимахволчу вешина а кхетта шинахьа герз.
Старопромыслан кIоштан прокуроран позици а лаьцна, кIоштан кхело Мурадов Руслан бехкехиларна къаро а йина, набахтехь даккха 14 шо хан тоьхна.