Италин компанино мебелан фабрика йиллина Соьлж-ГIалахь
Мэрин векало дийцарехь, 40 стаг ву тахана цу фабрикехь болх бан волавелла, тIейогIучу хенахь мебел яр шор а деш, кхи а 80 стагна белхан меттигаш нисбан Iалашо ю церан.
Азербайджанера говзанчаш бу белхалой Iамо, кхайкхина.
Керла мебел йина ца Iаш, фабрикано реставраци а йийр ю тишъеллачунна. 47 италхойн, туркойн чарх ю фабрикехь дIахIоттийна, муьлхха а чолхе болх бийр болуш.