Песковн хиллачу хIусамнанас кхерамаш тийсина Кадыровн цIарца
Бахьана шиъ ду – декларацехь цо гучу ца яьккхина ши бизнес, дуьйцу "Дождь" телеканало.
Ша дIаяккхарна дуьхьало ян гIоьртина Солоцинская, Собчак Ксенияца а, Кадыров Рамзанца а шен юкъаметтигаш хилар дуьхьал а детташ.
Хьайн лаамехь дарж дита аьлла, шена хьехча, дуьхьало ян гIоьртина иза, телеканалан хьасташа дийцарехь. Агенталлан хьаькамашка кехат дахьийтина цо, шен Iаламат дика зIенаш ю, шуна моьттург бакъ дац, бохуш, Кадыровн цIе а йохуш, кхерамаш тийсина цо.