Террорхойн декъехь хилла аьлла, хан тоьхна Австрехь нохчочунна
Верриге а Лахарчу Австрин кхелехь дов хатта валийнарг 7 стаг вара, Боснера а, Македонера а, Нохчийчуьра а орамаш долуш. Им диллина австрихо а вара цаьрца. 19 шарера 24 шаре кхаччалца хенаш йолу и кегийнах бехке беш бу террорхойн тоба кхолларна а, криминалечу леламийн декъахиларна а.
Iедалхоша чIагIдарехь, 2016-чу шеран аьхка цара "Ансар" аьлла шайн тобанна цIе а тиллина, меттигерчу нахана даIваташ дан долийнера, бусалбачу дине дерза, бохуш. Дуьхьал ваьллачу австрихочунна урс хьокхур ду бохуш, кхерам тасарна бехке веш ву тобанна юккъера цхьаъ.
Прокуратурана хетарехь, даIаваташ дар коьрта Iалашо ца хилла тобан декъашхойн. Уьш ДАIИШ тобанах дIакхета нах гулбеш а, террорхойн пропаганда яржош а хилла. И бехк тIе ца буьту лецначара шаьш а, церан адвокаташа а.
Еаринсарахь кхеле озийначарех шиъ шайна дуьхьалтоьттучу зуламашна бехке а лерина, хенаш кхайкхийра Санкт-Пелтенерчу кхело.
Вукху пхе стагана тIехь процесс Зазадоккхучу-батте дIатеттина.