Лакхарчу кхело маьрша буьтур бу кхаа шарахь лецна латтийна кегийнах
Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхелан сацамна тIетевжина Лакхара кхел аьлла, дийцина агенталле бехкебечийн адвокато Окушко Татьянас.
2014-чу шарера кху дийне кхаччалц ЦетиевгIар а, Ражапов а цкъа лаьцна латтийра, стохка дуьйнна лаьцначуьра дIа а хецна, цIера дIасабийла дихкира царна.
Талламчийн версица, бархI орцанхочунна тIелатар а дина, царна йиттина, уьш байа дагахь, кIело йина аьлла, лецира уьш.
Адвокаташа тIе ца дуьтура, бераш бехке хилар. Цу кхааннен а алиби ду бохуш, чIагIдора цара. Тоьшаллаш дора уьш бехачу меттигехь хIиттийначу видеокамераша а.