"Ахмат-Тауэр" хьалаян инвесторш лоьху Нохчийчоьно
Планашкахь ду "Ахмат-Тауэр" чохь тоьлла офисашна хIусамаш а, пхеа седанах лаьтта хьешан цIа а, Iаьнан беш а, ресторанаш а, музей а, спа-комплексаш а, тойнаш хIитто хIусама а, фитнес-центраш а, конференцеш дIаяхьа томехь чоьнаш а нисъян, яздо "Оьрсийчоьнан газетано".
Бертан билламашца а догIуш, "Ахмат-Таэур" хьалаеш дакъалоцучу инвесторийн цIераш официалехь йовзуьйтур йолуш яц.
Мехкан урхаллехь дIахьедина, бюджетан ахча оцу стигал-бIовна хьажор дац аьлла.