"Новая газетан" журналист Феруз Оьрсийчуьра дIавоьду
"Новая газетано" баркалла кхайкхийна журналистан гIо мел лаьцначунна.
Дахначу кIиранах Москохарчу Басманан кхело бакъо елира Ферузна кхечу пачхьалкхе дехьавала.
Дуьненаюкъарчу "Доза доцу репортераш" цIе йолчу бакъонашларъяран организацино маьршачу прессан Индексехь 180 меттигах 169 могIа дIалоцуш ю Узбекистан, цундела шен даймахкахь кхераме ду цунна ваха, бохуш чIагIдора.