АН- 148 кеманчохь хиллачийн меженаш карийна
КIирандийнахь чудеана "Саратовн авиалинеш" кампанин АН-148 кема Москохарчу Домодедовн аэропортера гIаьттина Оренбурган кIоштара Орск гIала доьдуш хилла. Радарийн тергонера дайна иза гIаьттина масех минот яьллачул а тIаьхьа.
Доьхначу кеман геригаш хааелира Подмосковьен Раменск кIоштарчу Степановск олучу эвлахь.
Кеман чохь хилла 71 стаг, шайлахь 6 экипажан декъахой а болуш. Уьш берриш а белла.
Авиакатастрофа хиларан бахьанаш толлуш, зуьйш ду карарчу заманчохь.