Кадыров: Гуьржийчуьра ведда Саакашвили Украина ирсе ян дагахь вара
Киевехь политик лацар цунна урок хир ю аьлла Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Цо бахарехь, Украинана муьтIахь иза волчу хенахь, "сирла седа" санна тIеоьцура Iедало, амма оппозицин ницкъаш цо ма кхоьлли, "зуламхо" хилла цунах.
"И ю-кх и йийцаре юьйцу демократи а, Саакашвилина – урок а. Гуьржийчуьра вада а ведда, Украина ирсе ян гIоьртира иза". – яздина Кадыровс.