Тиллерсон: "Исламан пачхьлкх" шех олу тоба ерриг а хIаллакъян еза
ДаIишхойн карара даьлла, цкъа мацах церан контролехь лаьттинчу Иракъан, Шеман дозан доккхах долу дакъа. Амма хIетте а, аьлла цо, джихIадхой кхераме бу регионна а, ишта дуьненчуьрчу кхечу пачхьалкхашна а. Эксремистийн тобанхой бунтхой хила гIерта аьлла пачхьалкхан секретара, ОвхIанистан а, Филиппинаш а, Ливи а, Малхбузера Iамерка а, кхийолу а пачхьалкхаш а санначу меттигашкахь шайна къайладовлийла лоьху цара.
Вашингтоно 200 миллион долларшкахь ахча къастийна Шемахь маьршаяьхначу кIошташна гIоьнна, иштта Iамерко шемахошлахь вовшахтухур ду эскарш а.
2014-чу шархь, "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобано Иракъера а, Шемара яккхий кIошташ шайн куьгакIел ерзийча кхоьллинчу коалицех дIакхетта 70 сов пачхьалкх.