Нохчийчу кхаьчна "Делимобил"
Махкарчу Iедална мехал хета каршеринг Нохчийчохь гучуялар, хIунда аьлча, уьш тешна бу оцу проекто дуккха а белхан меттигаш латтор хиларх а бахархошна, ишта туристашна а пайден хирг хиларх.
Уфахь, Лахарчу Новгородехь, Екатеринбургехь а санна, Соьлж-ГIалахь а 50 машенах лаьтташ хир ю "Делимобилан" автопарк. Мехаш цхьатерра хир ду хIора а регионехь. Минотехь машен лелоран мах хир бу 7 сом.