Нохчочунна урс диттинчу овхIанхойн дов хоттуш ду Венехь
Масех баттахь цу кIоштарчу урамашкара видеокамерашна тIерачу йозанашна таллам бинчул тIаьхьа полисхойн аьтто баьлла талорхой билгалбаха. Венерчу прокуратурано урс тоьхнарг кхеле велла ца Iаш, цуьнца хиллачех кхин цхьа жимстаг а жоьпалле озийна. Церан дов хоттуш ду шинариндийнахь Венерчу кхелехь.
19 шо долу урс тоьхначуьнга стаг вен гIортарна барт хоттуш бу, ткъа цуьнан накъосте - стаг вен гIортарехь дакъалацарна.