Куьрчалара 37 цIа дIахьокхуш ду Iедало
ЦIенош лаьттинчу меттигехь йоккха йохка-эцаран, самукъадаккхаран комплекс дIахIотто Iалашо ю шайн, белхаш карабогIучу беттан хьалхарчу деношкахь дIаболо оьшу аьлла, шайн лаам бовзийтина Iедалхоша бахархошна.
Оцу юкъанна хIусамийн долахошца цхьана а кепара бертан кехаташна куьйгаш ца яздина, цIенойх, латтанех богIу мах дIабелла меттиг а бац, бакъонашларъярхойн информацица.
Ур-атталла, шайна вас хиллийла дIахаийта а ца хIиттина гулбелларш. Карарчу хенахь шайн бахам кIелхьара а боккхуш, ханна чу баха меттигаш лоьхуш бу уьш.
ДIахьокхучу цIеношлахь ду бутт хьалха марихуана яьккхина машенчуьра аьлла, бехке а вина, лаьцначу Соьлж-ГIаларчу "Мемориал" центран куьйгалхочун Титиев Аюбан цIа а.
Керла хIусамаш хуьлуьйтур ю аьлла бахархошка Iедалхоша, амма билгал ца даьккхина, мича хенахь, дуьйцу "Мемориало".