Кадыров: Шемара полисхой юхабирзина сийлаллийца шайн декхарш кхочуш а дина
"Оьрсийчоьнан тIеман министраллан батальонера полисхой цIа бирзина тIаьххьарчу цхьана шарахь 6 баттахь а Шеман Алеппо гIалахь декхарш кхочушдинчул тIаьхьа. Майора Нумухаджиев Руслана куьйгалла динчу тобанера 393 тIемало могуш-маьрша даймахка вирзина", - аьлла шен ВКонтактерчу агIонехь хаамбина Кадыровс.
Мехкан куьйгалхочо дийцарехь, Оьрсийчоьнан тIеман министраллан коьрта объекташ ларъярехь, бахархойн кхерамзалла а, юкъараллан къепе а сийлаллийца Iалаш а йина, юхабирзина уьш.