Мисаран футболхой Соьлж-ГIалахь дIатарбарна дуьхьал бу бакъонашларъярхой
Бакъаонашларъярхоша кхайкхам бина ФИФА-н куьйгалхошка мисархошна кхин гIала лаха аьлла. Цунах лаьцна хаам бина AP агенталло.
Human Rights Watch вовшахтохараллан директоро Бьюкенен Джейна дIахьедар дина, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана адамийн бакъонаш йохайо аьлла а, цу регионна иза шен мох болуш санна урхалла деш ву аьлла а. Цунна хетарехь, ФИФА-но бинчу сацамо цу хьолана кIелла низаман бух балабо.