ТIеман парад дIаяхьа дагахь ву Iамеркан президент Трамп
Парад хир йолу де цкъачунна билгалдаьккхина дац.
Сандерса дийцарехь, президент Трамп гIортор еш ву мехкан кхерамазалла ларйеш шайн дахар ца кхоош болчу тоьллачу Iамеркан эскархошна. Цунна хетарехь, тIеман парад а еш, дезде дIадаьхьча Iамеркахойн аьтто хир бу шайн эскархошна баркалла ала.