Москохара баьхкинчу ФСБ-н белхахоша шуьйра талламаш дIахьош бу Дагестанехь
Документаш схьадохуш ду финансийн министраллехь а, могушаллан министраллехь а, дешаран министраллехь а, ткъа иштта Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллехь а, суьдан пурстоьпийн урхаллехь а.
Дагестанехь хийцина берш некъаца йолчу посташкахь лаьтташ болу полисхой. Церан меттана дIахIиттийна Оьрсийчоьнан кхечу регионашкара балийна Росгвардин эскархой.
Дагестанан лаккхарчу даржашкарчу Iедалхошна дихкина "декриминализаци" чекхъяллалц республикера арбовлар.