Иракъера шайн эскархойн терахь лахдеш ю Iамерка
Иракъан Iедалан векло ал-Хадити Саада бинчу хаамца, Iамеркан эскархой цу махкара арабахар хьалхарчу тIегIантехь а ду, берриг а Iамеркан эскархой арабохур бу бохург а дац иза.
Пентагоно стохка Лахьан-баттахь бинчу хаамца, Гезгмашин-бутт чекхболуш Иракъехь дIатарвина вара 8 900 Iамеркан эскархо.