Ша дато хIуманаш а, ахча лачкъорна къера хилла Нохчийчуьра вахархо
Шелковски кIоштарчу полицин декъе къера хила веана Червленная эвлара 45 шо долу вахархо. Цо дийцарехь, кхушара Дечкен-беттан 29-чу дийнахь шайн эвлахь къола дина хилла цо, нехан хIусаман корехула чу а ваьлла.
Зуламхо къера хилла ша дато хIуманаш а, 10 эзар сом ахча а лачкъорна.
Цу стага дийцарехь, дато хIуманаш шена а йитина, ахча дайина цо цхьацца шен хьашташна.
Полицино дIахьош бу таллам.