Москальковас Титиевн гIуллакх нохчийн полицигара схьаэцар дехна
Чоьхьарчу гIуллакхийн министран гIовсан Романов Александран цIарахчу кехатна куьйгяздина Москальковас, Титиевн гIуллакх Къилбаседа Кавказан федералан округан чоьхьарчу гIуллакхийн урхалле листа дIахьажор доьхуш. "Интерваксан" информацица, омбудсмен тешна ю цигахь бакъонца Титиев Аюбан гIуллакх толлур хирг хиларх.
Байначу беттан 9-чу дийнахь дуьйнна лаьцна латтош ву Соьлж-ГIаларчу "Мемориалан" куьйгалхо Титиев Аюб. Иза бехкево наркотикаш лелорна. Ткъа ша Титиевс дIахьедина, полисхоша наркотикаш шена кхийсина ю аьлла.
Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимимран а, Талламан комитетан а, ФСБ-н а цIарах кехаташ дахьийтина бакъонашларъярхочо шен бехк цахиларх.
Цхьа могIа Оьрсийчоьнан бакъонашларъярхоша а, журналисташа а, културан белхахоша а дехар динера кху деношкахь Титиевн гIуллакх Нохчийчохь ца луьстуьйтуш, Оьрсийчоьнан муьлххачу а регионе дехьадаккхар доьхуш.