Берийн хьакъ дIа ца кхачорна кхеле валийна да
Нажин-Юьртан кхелан сацамца и вахархо декхаре ву шен хиллачу зудчо дIадигинчу шина берана церан 18 шо дуззалц напха латто. Амма цо кхочушбина ца хилла и сацам. Таханалерачу дийнахь цунна тIехь ду 556 эзар сом декхар.
Карарчу хенахь оцу гIуллакхана гонах талламаш бу дIахьош.