Iедална дуьхьало ярна масех нохчо лаьцна Венехь
Шена таллам бар ца тайначу шопаро а, цуьнца машенахь хиллачу гIеметтахIоьттинчу шина накъосто дуьхьало йинера полисхошна. Маршо Радион хьостано дийцарехь, 42 шо долу шопаран накъост полисхошна лата чу гIоьртинера. Iедалхоша орца а даьккхина, кхин а масех машенахь полисхой тIекхиича, иза а, машенан шопар а вада гIоьртинера.
Маларх кхетта болу машенхахкархошна орцах кхаьчнера церан накъостий. Царна юккъехь хилла машенлелорхочун хIусамнана хилла йолу 39 шо долу зуда а. Къаьстина и зуда вуно агрессиве Iедалхошна чугIерташ яра бохуш, дийцира полицин векало Соьрос ХIаралда. ЛатагIертарш совцорхьама полисхоша бурч чохь йолу спрей тоьхнера царна.
Цу тийсадаларийн жамIехь машен чохь хилла вехна волу кхо нохчо а, царех цхьаннан хIусамнана хилларг а лаьцна, полицин декъа дIабигина Iедалхоша. Цигахь гучудаьлла, мала а мелла хахкавала араваьлларг машен лело бакъонаш йолуш ца хилар. Цул совнаха, иза ша вехачу Трайскирхен гIалара дIасавала бакъо йолуш а ца хилла Iедале хаам ца беш.