Собчакна дуьхьал протест йинарш шайггара лелаш бацара аьлла хета юкъараллехь
Яржийначу видео тIехь гуш ду, арарчу кофейнехь мала кофе оьцучу Собчаке тIебаьхкинчу кегийрхоша маьттаза багалееш.
"Тхуна ца лаьа Оьрсийчоьнах "Дом-2" ахь дан, - луьйш ву царех цхьаъ, - кхузахь хир дац "Дом-2" я тхуна оьшуш а дац", - бохуш.
И кегийнах шайн лаамца лелаш бара аьлла ца хета бакъонашларъярхочунна Сажин Игорна.
"Суна хетарехь, Собчак Соьлж-ГIала йогIий хиича, оцу сохьта тIедиллина "халкъан аз хазаде" аьлла. Ткъа омра кхочушдан хьаьвдда уггар а Iедална муьтIахьберш. Маьттаза кеп яра оцу кегийчу наха лелийнарг", аьлла Сажина.