"Грозный Молл" ян йолийна Соьлж-ГIалахь
Оьрсийчоьнан къилбехь уггар а йоккха хир йолу "Грозный Молл" цIе йолу йохк-эцаран центр яр дIадолош церемони хилла Соьлж-ГIалахь аьлла, хааме даьккхинера Маршо Радионо стохка аьхка, Грозный-информ агенталлана тIе а тевжаш. И гIишло еш йойур ю 46 000 м3 бетон. Лаьтта бухулахь цхьа тIегIа а хир ду цуьнан.
"Грозный Молл" чохь хир ю 150 туька а, бутик а, 7000 м2 майда йолу гипермаркет а, цхьацца хIусамехь оьшу техника йолу супермаркет а, берийн а, баккхийчеран а садаIаран комплекс а, 9 чоьнах лаьтта IMAX-кинотеатр а, 9 кафе а, ресторан а, ткъа иштта кхача бухку схьайиллина меттиг а.