Титиев дIахецар доьхуш Соьлж-ГIалахь пикет дIаяьхьна Собчака (видео)
Титиев лаьцна ву Iедалша, цуьнан машена чохь наркотикаш карийна аьлла. Дуьненаюкъарчу дош лелачу бакъонашларъярхойн вовшахтохараллаш кхайкхам бина Оьрсийчоьнан Iедалша, иза дIахеца аьлла. "Мемориалана" хетарехь, Титиевна дуьхьал кхоьллина бехктакхаман гIуллакх харцонца вовшахтоьхна ду.
Изза хеташ ю Собчак а. Хьалхо цо кхайкхам бинера Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане, хьем а ца беш, Титиев дIахеца аьлла.