Оьрсийчоьнца а, Iамеркица а тIеман инциденташ хиллийта лууш бац туркой
ПхоьалгIа де ду туркойн эскарш Шеман къилбаседа-малхбалехь тIеман операци дIахьош долу. Шеман территори тIехь шайн тIеман контингенташ йолчу Iамерко а, Оьрсийчоьно а кхайкхам бина туркошка, курдийн тIеман тобанашна тIелатар деш сатухуш хилахьара аьлла.