Дагестанехь кхерам тесна "Мемориалан" меттигерчу декъан белхахошна
Цунах лаьцна хаам бина цигарчу "Мемориалан" офисан куьйгалхочо Дациев Сиражудина, хаам бо Кавказ.Реалиино.
Дациевс дийцарехь, SMS кхьачна дукха хан ялале, вевзаш воцучу стага телефон тоьхна цьаьрга, кхерамаш туьйсуш.
Хьалхо хаам бинера ХIинжа-гIалахь "Мемориалан" машен ягорах лаьцна.