"Ведучи" курорт схьаелла кечлуш цига ло кхоьхьуш ду Нохчийчуьра Iедалш
"Кавказ.Реалиино" дийцарехь, кху деношкахь республикехь ло деана, амма ломан когсалазийн курорт йолчу меттехь иза тоьаш дац. И бахьана долуш, Дечкен-беттан 20-чу дийнахь дуьйна ло дIакхачош ду цига. Болчу хаамца, ло кхоьхьучу машенаш хIинцале а йина 800 сов рейс.
"Ведучи" схьайоьллур ю тIедогIучу пIераскан дийнахь.