Умаров: Нохчийчохь тоталитаран раж яц
"Оха дийцаредира пачхьалкхехь къаьмнашца юкъаметтигаш ларъеш, вовшашца бертахь хила дезарх, хIунда аьлча, Кадыровн некъа тIехь оцу мехаллаша латтош бу бух", - аьлла министро.
Иштта хаамийн гIирсашкахь Нохчийчохь бакъонаш хьоьшуш ю бохуш яьржинчу информацех а вистхилла Умаров.
"Адамийн бакъонаш ларъеш яц, территори тIехь демократи яц бохуш, тIедохку бехкаш бух болуш дац. И дерриге а стенна дуьйцуш ду, Iедалан авторитет йожорхьама, пачхьалкхана дестабилизаци ярхьама. Цхьаболчара эхь ца хеташ дуьйцу, Нохчийчохь тоталитаран раж ю лаьтташ, бохуш.
Вайна тIехь ду бакъдерг даржор, харц информаци тIе ца йитар. Нохчийн къам – къинхьегаме къам ду. Конфликташ, агресси йогIуш яц тхоьца. Республикан таханлерачу куьцо а гойтуш ду, тхо маршонехьа, кхиамехьа гIертий. Цундела тхан къомаца йогIуш йоцу амалш тIе ца эцархьама, оха дуьхьало латтор ю", аьлла Умаров Джамбулата.